1Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгӀа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гӀалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тӀаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гӀаланашкахь даха диса тарлора.
2Халкъо хастам бира шайн лаамца Ярушалаймехь бисинчарна.
3ХӀорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тӀаьхьенах берш а ЯхӀуд-махкарчу кхечу ярташкахь Ӏаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тӀехь Ӏаш бара.
4Амма цхьаболу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанех болу нах Ярушалаймехь бехаш бара.)
5Барухан кӀант МаӀсей-ЯхӀу (Барух Кала-Хьозин кӀант хилла, Кала-Хьоза Хьази-ЯхӀун кӀант хилла, Хьази-ЯхӀу Ӏади-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Ӏади-ЯхӀу Закри-ЯхӀун кӀант волчу ЯхӀу-Ярбин кӀант хилла. Закри-ЯхӀу Шейлин тӀаьхьенах хилла).
6Ярушалаймехь бехаш болу Парасан тӀаьхьенах болу нах виъ бӀе кхузткъе бархӀ стаг хилла. Уьш берриш а чӀогӀа доьналла долуш нах хилла.
7Бен-Яманан тӀаьхьенах берш:
8цунна тӀаьхьа вогӀуш Габий, Салий шиъ хилла. Уьш Салуан гергара нах хилла. Уьш массо а исс бӀе ткъе бархӀ стаг хилла.
9Зикрин кӀант Юал царна тӀехь хьаькам вара, ткъа ХӀасинуан кӀант ЯхӀуд цу гӀалахь шолгӀа волу хьаькам вара.
10Ярушалаймехь баха охьахевшина болчу динан дайн цӀераш яра хӀорш:
11Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Сари-ЯхӀу (Хьалкхи-ЯхӀу Машулиман кӀант хилла, Машулим ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Маръютин кӀант хилла, ткъа Маръюти Делан цӀенна тӀехь хьаькам волчу Ахьтубин кӀант хилла);
12иштта церан цӀийнан нах болу Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш волу бархӀ бӀе ткъе ши стаг а;
13кхин а ши бӀе шовзткъе шиъ стаг, Малки-ЯхӀун цӀийнах волу (и нах шайн доьзалийн баьччанаш хилла);
14кхин а цхьа бӀе ткъе бархӀ Амиран цӀийнах волу стаг а хилла. Уьш чӀогӀа доьналла долуш болу нах бара. Царна тӀехь хьаькам Гадуламан кӀант Забдиал хилла.
15ХӀара цӀераш Ярушалаймехь баха хиъна болчу левихойн ю:
16левихойн баьччанаш болу Шабитай а, Юзабди а Делан цӀийнан арахьара беш болчу балхана тӀехӀиттийна хилла;
17Микин кӀант Матан-ЯхӀу (Мика Завадин кӀант хилла, ткъа Завади Асайпан кӀант хилла). Баркаллин доӀа дечу нахана тӀехь хьалхара верг хилла Матан-ЯхӀу;
18Езачу Ярушалайм-гӀалахь волу массо а левихо ши бӀе везткъе виъ стаг хилла.
19ХӀорш Ярушалаймехь баха хевшина болчу кевнашкарчу гӀаролхойн цӀераш ю:
20Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тӀехь бехаш бара.
21Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш Ярушалайман цхьа дакъа долчу Ӏупалахь бехаш хилла. Царна тӀехь хьаькамалла лелош Цихьа а, ГӀишпа а хилла.
22Ярушалаймехь левихошна тӀехь куьйгалла деш Ӏузи хилла (Ӏузи Банин кӀант хилла, Бани Хьашби-ЯхӀун кӀант хилла, ткъа Хьашби-ЯхӀу Микин кӀант волчу Матан-ЯхӀун кӀант хилла). Иза Асайпан тӀаьхьенах хилла, ткъа уьш Делан цӀа долчохь назманаш олуш берш хилла.
23Царах лаьцна паччахьо леррина арадаьккхина тӀедиллар хилла, цу тӀехь илланчийн декхарш билгалдаьхна а хилла.
24Исраилхойх лаьцна паччахьна хаам беш верг Патахь-ЯхӀу вара. Иза ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Зерахьан кӀентан Маши-Забиалан кӀант вара.
25ЯхӀудхойх цхьаберш хӀокху жимачу гӀаланашкахь Ӏаш бара, шайн кхашна уллохь:
26ЮшаӀахь а, Мулада-гӀалахь а, Байт-Палтехь а;
27Хьацар-ШуӀалахь а, Беар-ШабаӀехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
28ЦакхелагӀахь а, Махунехь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а;
29Ӏейн-Риманахь а, ЦорӀа-гӀалахь а, Ярмут-гӀалахь а;
30Занухь-гӀалахь а, Ӏадуламахь а, иштта царна гонах йолчу ярташкахь а;
31Бен-яманхой хӀокху гӀаланашкахь баха охьахевшинера:
32Ӏанатот-гӀалахь а, Нуб-гӀалахь а, Ӏанан-ЯхӀугахь а,
33Хьацор-гӀалахь а, Рамехь а, ГӀитаймехь а,
34Хьадид-гӀалахь а, ЦебаӀим-гӀалахь а, Набалти-гӀалахь а,
35Лодди-юртахь а, Овну-гӀалахь а, иштта Пхьерийн тогӀи чохь а.
36ЯхӀуд-махкара цхьайолу левихойн тобанашкара нах Бен-Яман-махкахь баха хевшира.