1Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгӀачу шеран Нисан-баттахь паччахьна чагӀар чудеара. Аса и чагӀар, схьа а эцна, паччахье дӀакховдийра. Со гӀайгӀанехь вара. ХӀинца чул хьалха со паччахьна хьалха цкъа а цу тайпана цахиларна,
2цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хӀунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гӀайгӀане хилар».
3ТӀаккха аса паччахье элира: «Паччахь гуттара а вехийла! ГӀайгӀанна сан юьхь кхоьлина муха хир яц, сан дай дӀабоьхкина йолу гӀала йохийна лаьтташ хилча, цу гӀалин кевнаш а дагийна хилча!»
4ТӀаккха паччахьо соьга хаьттира: «Хьуна хӀун лаьара?»
5Цул тӀаьхьа аса паччахьна жоп делира: «Паччахьан лаам а хилахь, иза шен лай волчу суна реза а велахь, со ЯхӀуд-махка вахийтахьара цо. Сайн дайн къуббанаш йолчу гӀала а вахана, и гӀала юхаметтахӀоттор яра аса».
6ТӀаккха шена уллохь зуда-паччахь а йолуш Ӏаш волчу паччахьо соьга хаьттира: «Некъана дукха хан оьший хьуна? Хьо юха маца вогӀур ву?» Аса сайна мел хан оьшу дӀааьлча, паччахь реза хилира со цига вахийта.
7Аса паччахье кхин а элира: «Хьан лаам хилахь, аса доьху хьоьга, суна Эпрат-хина малхбузехьа йолчу меттигийн хьаькамашка яздина долу кехаташ далар, ЯхӀуд-махка со маьрша дӀакхачийтархьама.
8Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цӀа долчохь йолчу гӀопан кевнаш а, гӀалин пен а, со чохь Ӏийр волу цӀа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хӀума суна делира.
9Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь болу хьаькамаш болчу а вахана, цаьрга паччахьера долу кехаташ дӀаделира аса. Паччахьо соьца тӀемалойн хьаькамаш а, дошлой а бахкийтинера.
10И хӀума шайна хезча, хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а чӀогӀа реза воцуш хьаьвзира. Царна ца дезаделира исраилхойх дог лозуш волу стаг ваьлла хилар.
11Ярушалайме схьакхаьчначул тӀаьхьа, аса цигахь кхо де даьккхира.
12Цул тӀаьхьа буьйсанна сайца масех стаг а волуш, со аравелира. Дала сайн дага чу диллина долу Ярушалайман дуьхьа айса дан луург цхьана а стаге ца дийцинера аса. Соьца цхьа а тайпана дийнат а дацара, со тӀехиъна йолу вир йоцург.
13Иштта, буьйсанна со ТогӀин кевнал аравелира. Сайн вир Саьрмикан хьоста долчу дӀа а ерзийна, со сихха Кхеллин ков долчу дӀавахара. Ас Ярушалайман дохийна долу пенаш а, цӀарца дагийна долу цуьнан кевнаш а теллира.
14Цул тӀаьхьа со Хьостан кевнна а, иштта Паччахьан Ӏома тӀе а вахара. Амма со цига улло тӀевахча, суна гира со сайн вирца цигахула дехьавалалур воцийла.
15Оццу буьйсанна со, тогӀи чухула хьала а ваьлла, гӀалин пене хьаьжира. ТӀаккха со, юха а ТогӀин кевнна чухула а ваьлла, юхавирзира.
16Цхьана а хьаькамна ца хиира, со мича вахана а, я ас хӀун леладо а. Я яхӀудхошка а, я динан дайшка а, я лоруш болчу нахе а, я хьаькамашка а, я балхана тӀехь дакъалоцун болчу кхиболчаьрга а аса хӀумма а дӀа ца хаийтинера.
17Ткъа хӀинца аса цаьрга элира: «Шуна гуш бу-кх вайгахь болу бала. Ярушалайм хӀуй-пака а яьккхина лаьтташ ю, ткъа гӀалин кевнаш дагийна дӀадаьхна. Даха а гӀой, Ярушалайман пенаш юхаметтахӀиттаде вай. ТӀаккха вай хӀокху тайпана юьхьӀаьржа хир дацара».
18Аса цу нахе дӀадийцира Дела Шен диканца сайца хилар а, сайга паччахьо аьлларг а.
19Амма хьоронхо волу Санбулат а, Ӏамминхойн мехкада волу ТӀуби-ЯхӀу а, Ӏаьрбихо волу ГӀишам а, шайна и хӀума дӀахезча, оха лелочух цабашарца буьйлуш бара. Цара бохура: «ХӀун ду аша лелориг? Шу паччахьна дуьхьалдовла гӀерташ ду?»
20Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гӀала юхаметтахӀоттор дӀадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Ӏамал ян а бакъо яц шун!»