1Динан коьрта да волчу Элишуба а, динан дай болчу цуьнан гергарчара а, хьала а гӀевттина, УьстагӀийн ков юхаметтахӀоттийра. Цара, и ков Далла лерина хилийта къобал а дина, цуьнан неӀарш дӀахӀиттийра. Цу динан дайша Ярушалайман пен дӀахӀоттийра Меа цӀе йолчу бӀаьвнна тӀера Хьананиал цӀе йолчу бӀаьвнна тӀе кхаччалц. Цул тӀаьхьа цу гӀалин пенан дакъа Далла лерина хилийта къобалдира.
2Динан дайшна уллохь гӀалин пен буттуш ерихонхой а бара.
3ХӀасинаан кӀенташа ЧӀерийн ков юхаметтахӀоттийра. Ханнаш шайн метте охьа а дехкина, кевнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, царна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара.
4Царна уллохь долу пенан дакъа УръяхӀун кӀанта Мармутис хьаладоьттира. УръяхӀу Къоцин кӀант вара.
5ТакхоӀан бахархоша царна уллора пенан дакъа хьалахӀоттийра. Амма ТакхоӀан лоруш болчу наха кураллина шайн куьйгалхоша тӀедиллинчу гӀуллакхах куьг ца туьйхира.
6Ишана цӀе йолу ков
7Царна уллохь пенаш тодеш гавӀонхо волу Малти-ЯхӀу а, марунихо волу Ядун а вара. Царна гӀо дора ГавӀонарчу а, МицӀпарчу а бахархоша. (Ткъа Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀехь волу мехкада МицӀпахь Ӏаш вара.)
8Царна уллохь болх беш вара дашо пхьар волу ХьарихӀа-ЯхӀун кӀант Ӏузиал.
9Царна уллохь долу пенан дакъа тодира Хьоран кӀант волчу Рапи-ЯхӀус. Ярушалайман ахдекъан хьаькам вара иза.
10Цунна уллохь пен тобеш вара Хьарумапин кӀант Яди-ЯхӀу. Цо шен цӀенна уллохь долу пенан дакъа тодира.
11Хьармин кӀанта Малки-ЯхӀус а, Пахьат-Муабин кӀанта Хьашубис а пенан важа долу дакъа тодира. Цу наха иштта Пешийн бӀов а тойира.
12Царна уллохь долу дакъа тодира ХӀалухьешан кӀанта Шалума, цуьнан йоӀарша гӀо а деш. Ярушалайман вукху ахдекъан хьаькам вара иза.
13ТогӀин ков тодеш вара Хьануни цӀе йолу стаг а, иштта Занухь-гӀалин бахархой а. Ков а дина, цуьнан неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цара. Кхеллин кевнна тӀекхаччалц эзар дол барам болччул пенан дакъа а тодира цара.
14Кхеллин ков Рахбин кӀанта Малки-ЯхӀус тодира. Малки-ЯхӀу Байт-КӀарам олучу меттиган хьаькам вара. Ков то а дина, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо.
15Кала-Хьозин кӀанта Шалума Хьостан ков тодира. Шалум МицӀпин хьаькам вара. И ков то а дина, цунна тӀехь тхов бира цо. Иштта, неӀарш кӀажаш тӀе а ехкина, цу неӀаршна догӀанаш а, гӀораш а дехкира цо. И хӀума ша дина ваьллачул тӀаьхьа, Шалума паччахьан бешахь болчу Селахь олучу Ӏомана уллохь болу гӀалин пен тобира, Даудан гӀалара охьавогӀучохь долу тӀегӀанашна тӀе кхаччалц.
16Цунна тӀехьа долу пенан дакъа тодеш Ӏазбукъан кӀант Нахьми-ЯхӀу вара. Иза ша Байт-Цурин ахдекъана тӀехь хьаькам вара. Цо пен тобира Даудан къуббанашна дуьххьал йолчу меттиге кхаччалц а, иштта цигара дӀа охкуш баьккхина болчу Ӏомана тӀе кхаччалц а, цигара дӀа Турпалхойн цӀенна тӀе кхаччалц а.
17Цунна тӀехьа пен тобеш левихой бара. Уьш Банин кӀентан Рахьиман куьйгаллица болх беш бара.
18Церан вежарша цунна уллохь долу дакъа а тодира. Уьш Хьенидадан кӀентан Бавайн куьйгаллина кӀелахь болх беш бара. Ткъа иза КъаӀилан шолгӀачу декъана тӀехь хьаькам вара.
19ЮшаӀан кӀанта Эзара царна уллохь долу дакъа тодира, ткъа ша Эзар МицӀпана тӀехь хьаькам вара. Цо герз чохь долчу чоьнна тӀера дуьйна гӀалин пенан маьӀигна тӀе кхаччалц пен тобира.
20Цунна уллохь Забайн кӀанта Баруха пенан дакъа тодира. Пенан маьӀиг тӀера коьрта динан да волчу Элишубан цӀенна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира цо.
21Къоцин кӀентан УръяхӀун кӀант волчу Мармутис цунна уллохь долу дакъа тодира. Иза Элишубан цӀа чу воьдучу меттера дуьйна цуьнан цӀийнан маьӀигна тӀе кхаччалц йолу меттиг яра.
22Цунна тӀехьа долу дакъа гӀалина гонах бехаш болчу динан дайша тодира.
23Царна тӀехьа шайн цӀеношна дуьххьал долу пенан дакъа Бен-Ямана а, Хьашубис а тодира.
24Цунна тӀехьа Хьенидадан кӀанта Бинуйс Ӏазар-ЯхӀун цӀенна тӀера дуьйна пен сеттачу метте кхаччалц а, цигара дӀа цуьнан маьӀиге кхаччалц а тобира пен.
25Цунна тӀехьа Узайн кӀант Палали пен сеттачу меттигна дуьххьал пен тобеш вара. И меттиг бӀаьвнна уллохь яра, паччахьан лакхара цӀенош долчохь, цуьнан гӀаролхой Ӏаш болчу уьйтӀена генахь йоццуш.
26Ӏупалахь Ӏаш а болуш, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а Хин кевнан малхбалехьа долу пенан дакъа тодира, пенна тӀера арайолучу бӀаьвнна тӀе кхаччалц.
27Царна тӀехьа, пенна тӀера арайолучу йоккхачу бӀаьвнна тӀера Ӏупалан пенна тӀе кхаччалц долу важа дакъа такхоӀхоша тодира.
28Динан дайша Говрийн кевнна тӀера долу пенан дакъа тодира. ХӀора динан дас шен цӀенна дуьххьал долу пенан дакъа тодира.
29Царна тӀехьа ЦӀадукъин кӀанта Амира шен цӀенна дуьххьал болу пен тобира.
30Цунна тӀехьа Шалам-ЯхӀун кӀант Хьанан-ЯхӀу а, Хьанунин йолхалгӀа волу кӀант Цалпи а важа дакъа тодеш вара.
31Цунна тӀехьа Малки-ЯхӀус Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхоша а, йохкархоша а шаьш лелош долчу цӀенна тӀе кхаччалц долу дакъа тодира. И цӀа Мипкхад цӀе йолчу кевнна дуьхьал лаьтташ ду. Цигара дӀа цо иштта пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀе кхаччалц долу пенан дакъа тодира. Малки-ЯхӀу ша дашо пхьар вара.
32Ткъа дашо пхьераша а, йохкархоша а пенан маьӀӀехь йолчу чоьнна тӀера дуьйна УьстагӀийн кевнна тӀе кхаччалц болу пен юхаметтахӀоттийра.