1Нунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.
2Веза Эла — эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
3Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту.
3Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш — Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.
4Цо омра дича, хӀорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
5Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.
10Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.
11Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала.
12Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.
13ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
14Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела».