1
2
3
4
5«ХӀинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! — боху Везачу Эло. —
6
7
8Ну-Амин-гӀаланал
9Хуша а, Мисар-мохк а хедар боцу цуьнан ницкъ хуьлура. ПӀатӀа а, Лива-мохк а цуьнга гӀо лаца богӀура.
10Амма иза кхечанхьа яьккхина, иза а йийсар дина ю. Цуьнан кегий бераш урамаш вовшах мел кхетачохь кегдина, ткъа церан цӀеяхначарах лаьцна кхаж туьйсура, церан хьалдолу нах буржалш тоьхна бу.
11Иштта хьо а, Нунав-гӀала, яха а ехна, къайлаер ю. Иштта ахьа а, хьайн мостагӀех дӀа а едда, дӀалечкъийла лоьхур ю.
12Хилла стоьмаш долчу инжирийн диттех тера ю хьан ерриге а чӀагӀонаш. Нагахь санна и дитт дегадахь, и стоьмаш кхалла луучунна нийсса бага оьгур бу.
13Хьайн эскаре хьажал! Хьан тӀемалой зударех тера хир бу! МостагӀий хьан махка чугӀурту кевнаш шуьйра схьаделладелла лаьттар ду. Церан гӀораш цӀеро дӀакхаьллина хир ду.
14Хьайна го лоцучу ханна хи кечде, хьайн чӀагӀонаш чӀагӀъе, хотта юкъа гӀо, поппар хье, кибарчигаш еш йолу кепаш кечъе.
15Цигахь цӀеро хӀаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦӀазо ялта дӀакхалларе терра, хьо а йиъна дӀайоккхур ю!
16Хьан совдегархой стигалара седарчел а алсамбевлла бу. Уьш, къона цӀоз санна, цӀока дӀа а яьккхина, хьалаоьху.
17Хьан куьйгалхой доккха цӀоз санна бу. Хьан баьччанаш, шелъелча, пенийн хераллашкахь бенаш деш долчу цӀазан жӀуга санна бу. Амма малх кхетча, уьш, тӀема а йовлий, дӀасайоьлху, тӀаккха цхьанна а ца хаьа уьш стенга яхана.
18Ашур-мехкан паччахь, хьан Ӏуналла дийраш самабевр боцу наб еш бу, хьан баьччанаш гуттаренна а бийшина бу. Хьан халкъ лаьмнашкахула дӀасадаьржина. Цхьа а вац иза схьагулдан.
19Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тӀараш детташ баккхийбер бу, хӀунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тӀекхачаза?!