1Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?
2Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Ӏалашо а йолуш.
3Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш.
4ХӀораммо а, шен-шен бен гӀайгӀа йина ца Ӏаш, кхечун а гӀайгӀа е.
5Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Ӏийса санна хилалаш.
6
7
8
9
10
11
12Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.
13ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.
14Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш,
15Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу,
16дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.
17Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву — шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.
18Оцу хӀуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а.
19Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама.
20Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гӀайгӀа бийр болуш а сан цхьа а вац.
21Массара а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху.
22Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа.
23Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дӀахьажо дагахь ву со.
24Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дӀавогӀур ву.
25Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара.
26Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза.
27Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш.
28Цундела суна кхин а чӀогӀа лаьа иза шу долчу дӀахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а.
29Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш.
30ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гӀуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гӀо дора.