1Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу?
2Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду.
3Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар?
4Дера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду:
5Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.)
6Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло?
7Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза?
8Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
9ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар.
10Яздина ма ду:
11
12
13
14
15
16
17
18
19Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш — жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.
20Товрат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
21Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а.
22Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц,
23хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву.
24Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш.
25
27Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во!
28Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу.
29Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву.
30Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха.
31ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.