Рути 1:1-22 CHE2012 - Bible AI

1Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.

2Оцу стеган цӀе Элималик яра, цуьнан зудчун цӀе НуӀмат яра, ткъа шина кӀентан цӀераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш.

3НуӀматан цӀийнда Элималик дӀакхелхира, ткъа иза шен шина кӀантаца йисира.

4Цу шина кӀанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цӀе Ӏарипат яра, ткъа вукхуьнан цӀе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Ӏийра уьш.

5Цул тӀаьхьа цуьнан ший а кӀант, Махьлан а, Халин а, дӀакхелхира. ТӀаккха шен шина кӀантах а, цӀийндех а яьлла, и зуда ша йисира.

6Муаби-махкахь йолуш НуӀматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуӀмат Муаби-махкара шен цӀа юхаерза кечъелира.

7Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхӀуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь

8шен шина несе НуӀмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цӀа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна!

9Везачу Эло хӀоранна а хӀусам нисйойла шуна шайн цӀийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуӀмата.

9Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хӀиттира.

10ТӀаккха цара элира: «ХӀан-хӀа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тӀе а гӀур ду».

11Амма НуӀмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоӀ! ХӀун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кӀентий, шуна майранаш хила?

12Юхаерза, дӀагӀо, сан ши йоӀ! Со къанъелла хӀинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Ӏийна, кӀентий бича а,

13хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоӀарий! Со чӀогӀа гӀайгӀанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».

14Ши нус маьхьарца юха а елха хӀоьттира. ТӀаккха Ӏарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дӀакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира.

15НуӀмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тӀе а, шен деланашна тӀе а. Хьайн кхинна тӀаьххье дӀагӀо хьо а».

16Амма Рутис жоп делира: «Ма гӀертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гӀур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву.

17Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дӀа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таӀзар дойла суна, Ӏожалло бен со хьох къастор яц».

18Цо йина чӀагӀо шена гича, НуӀмат и бертаяло гӀертачуьра сецира.

19И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» — бохура зударша.

20НуӀмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуӀмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хӀара беза бала.

21Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хӀунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»

22Иштта НуӀмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.

Institute for Bible Translation, 2012
>