1НуӀматан цӀийнден Элималикан тайпанара а волуш, БоӀаз цӀе йолуш цхьа гергара стаг вара цигахь вехаш. Иза хьал долуш а, нахана вевзаш а вара.
2Муабахочо Рутис элира НуӀмате: «Со кха тӀе гӀур ю, дисина мекхан кенаш лехьо. Со декъала йийр йоллучун декъа тӀехь лехьор ду ас кенаш».
3Кха тӀе а яхана, маьрсхошна тӀаьхьара мекхан кенаш лехьийра Рутис. Ткъа и дакъа Элималикан тайпанара волчу БоӀазан долахь долуш нисделлера.
4Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» — аьлла.
5ТӀаккха БоӀаза маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу шен ялхочуьнга хаьттира: «И жима зуда хьенан ю?» — аьлла.
6Маьрсхошна тӀехӀоттийна волчу ялхочо, жоп луш, элира: «ХӀара жима зуда муабахо ю, НуӀматца Муаби-махкара еана йолу.
7ХӀокхо дехнера тхоьга, цӀевнашна юккъехула маьрсхоша дитина мекхан кенаш лехьадайтахьара шега аьлла
8БоӀаза элира Рутига: «ЛадогӀал, сан йоӀ! Кхечу нехан декъа тӀе кенаш лехьо а ма гӀо, кхузара дӀа а ма яла, сан ялхой-зударшца хӀокху меттехь а хила.
9Марс хьокху хӀара сан кха бен ма гойла хьан бӀаьргашна, гӀо хьо цаьрца маьрсхошна тӀаьххье. Ас сайн кегийчу нахана тӀедиллина, хьо хье ма е аьлла. Хьо хьагъелча, сан ялхоша моллучуьра хи а мала».
10Цец а яьлла, гора а яхана, лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, Рутис хаьттира: «Стенца доьзна ду-те, со кхечу хийрачу махкара йоллушехь, хьо суна иштта реза хилар?»
11«Хьайн марнанна ахь мел динарг суна дийцина. Хьайн цӀийнда веллачул тӀаьхьа, хьайн да-нана а дитина, хьайн мохк а битина, хьайна девзаш доцучу къомана тӀееана хьо.
12Везачу Эло декъала йойла хьо, ахь бинчу оцу дикачу балхана! Буьззина мах хадабойла Исраилан халкъан Везачу Дала, Цуьнан тӀома кӀел хьо ларъяйта еанчу хьан!» — жоп луш, элира БоӀаза.
13«Сан эла, хьо суна реза хилар ма хедийла, — элира Рутис, — хьайн цхьана а ялхочун мехах йоцучу соьга, хьайн лай йолчу сан даге а хьаьжна, боху-кх ахь иза, сан дог тедархьама».
14Делкъе йо хан тӀееача, БоӀаза элира: «Схьа а йолий, хьайна хӀума яа, муьста чагӀар чу бепиг а Ӏуттуш».
15ХӀара кенаш лехьо йоьлча, БоӀаза юха а шен ялхошна тӀедиллира Рутина цӀевнаш юккъехула кенаш лехьо магор а, цунна цхьаммо а вас ца яр а.
16«ЦӀевнаш тӀера а дахийта цуьнга кенаш, чеха а ма е иза» — аьлла, буьйр дира цо.
17Иштта сарралц кха тӀехь къахьийгира Рутис. Цо гулдинарг эрича, кхо сахь гергга мукх белира.
18Иза схьа а эцна, гӀала цӀа яхара Рути. ТӀаккха цо деана ялта гира марнанна. Ша делкъанна хӀума юуш юьзча йитинарг шен тӀоьрмиг чуьра схьа а эцна, марнене елира Рутис.
19«Ахь тахана мичахь болх бира? Мичара лехьийна ахь мекхан кенаш? Дала декъала войла хьуна и дика динарг!» — элира НуӀмата.
20«Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоӀаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Ӏалаш а деш, вайна гӀо дан дезачарех цхьаъ ву», — элира марнанас.
21«Цо-м шен ялта чудерзийна даллалц, шен ялхошца хила магийна суна», — аьлла, дӀахаийтира Рутис.
22ТӀаккха НуӀмата шен несе элира: «Ма дика ду-кх, сан йоӀ, хьо цуьнан ялхошца хир йолуш, нехан кха тӀехь цхьаммо а хьо чехор йоцуш».
23Иштта БоӀазан ялхошца кенаш а лехьош, ялта чудерзийна даллалц, шен марненаца Ӏийра Рути.