1ГӀала чу воллучохь йолчу, нах гуллучу майдане а вахана, охьахиира БоӀаз. Цо вуьйцуш волу стаг а вара хӀеттахь тӀехволуш. ТӀаккха БоӀаза элира цуьнга: «Схьа а волий, охьахаахьа». Важа веана охьахиира.
2Кхайкхина, къанойх итт стаг а схьавалийра БоӀаза. Шайга охьаховшар дехча, уьш охьахевшира.
3ТӀаккха оцу гергарчу стаге элира БоӀаза:
4Хьоьга иза дӀахазийта сацам бина ас. ХӀара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дӀаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тӀаьхьа эца йиш ерг со ву».
5ТӀаккха БоӀаза дӀахаийтира цуьнга: «Нагахь НуӀматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама».
6«Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тӀеэцахь иза», — элира гергарчо.
7Цу заманчохь Исраил-махкахь иштта Ӏедал хилла: дакъа оьцуш, я хуьйцуш, я бина мах чӀагӀбеш, цхьаммо шен мача, схьа а яьккхина, кхечуьнга луш. И саннарг дар тоьшалла чӀагӀдар санна хилла Исраил-махкахь.
8Оцу гергарчу стага, шен когара мача схьа а яьккхина, элира: «И зуда а, и дакъа а хьайна схьаэца».
9ТӀаккха БоӀаза къаношка а, массо а адамашка а элира: «ХӀинца шу теш ду Элималикан а, Халин а, Махьланан а долахь мел хилла долу хӀума ас НуӀматера схьаэцар.
10Иштта шу тахана теш а долуш, веллачун дакъа цуьнан цӀартӀехь дитархьама а, цуьнан цӀе вежаршна юкъара ца яйархьама а муабахо йолу, Махьланах йисина йолу зуда Рути ас сайн дола йоккху».
11ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх.
12
13БоӀаза и шена йига а йигира, цунах цунна зуда а хилира. И шиъ цхьанакхетча, Везачу Эло иза берах а хилийтира, цо кӀант а вира.
14
16И бер, схьа а оьций, марахь леладора НуӀмата, цунна баба а хилла, кхебира цо иза.
17Лулахоша Ӏабади аьлла, цӀе а тиллинера цунна. «НуӀматан кӀант ву-кх хӀинца», — олура цара.
18ХӀара ю Парасан тӀаьхье: Парасан хилира кӀант Хьацрани.
19Хьацранин хилира кӀант Рам. Раман хилира кӀант Ӏамминадаб.
20Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон. Нахьшонан хилира кӀант Салман.
21Салманан хилира кӀант БоӀаз. БоӀазан хилира кӀант Ӏабади.
22Ӏабадин хилира кӀант Юшай. Юшаян хилира кӀант Дауд.