1А дам [1] мацах дукха хилла йолу гӀала, цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гӀала. Лаьтташ ю иза йисна Ӏачу зудчух таръелла. Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гӀала. Мехкашна тӀехь а эла хилла лаьттина и гӀала. Ясакх луш ерг санна хилла дӀахӀоьтти-кх и гӀала.
2Б уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БӀаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тӀехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагӀий а ямарта хили цунна. МостагӀий а хилла, дӀахӀитти-кх уьш цунна.
3В он тӀе а догӀуш, халчу лоллехь иза хили, ЯхӀудан халкъ йийсаре ма диги. Хийрачу мехкашкахь даха иза хаийти, амма цхьа а синтем цунна-м ца карий. Массо а цуьнан мостагӀий цунна тӀаьхьабевли. Готта йолчу оцу меттехь уьш цунна тӀекхии.
4Г ӀайгӀанехь ма ду Цийонан [2] некъаш, Царна тӀехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хӀинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоӀарий а ма бу цуьнан йоккхачу гӀайгӀанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а.
5Д ӀахӀитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагӀий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тӀедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагӀашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дӀаоьхуш цуьнан бераш а ду.
6Е ли-кх дӀа Цийонан йоьӀан [3] хазалла. Элий а бу цуьнан, дежийла доцу сеш санна, дерриг гӀора дӀа а даьлла, таллархочунна хьалха бевлла.
7Ж оп а лоьхуш, баланехь а, гӀело хьоьгуш а ша лелачу хенахь, дагаяьхки Ярушалаймана тоххара хьалха шен долахь мел хилла йолу хазнаш. МостагӀчун карах цуьнан халкъ доьжча, цунна гӀо дан цхьа а дӀа ца хӀоьттира. Сийсаз а еш, иза хӀаллакьхилча, цуьнан мостагӀий цунах кхаьрдира.
8З ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хӀинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хӀинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хӀинца, шена эхь хетарна, дӀа а йоьрзуш.
9И боьха томмагӀа юх тӀехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хӀинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гӀайгӀа-балане, ХӀунда аьлча сан мостагӀа вазвелла дӀахӀоьтти!»
10К уьг цунна тӀе ма кховдийна буьрсачу мостагӀчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хӀуманна тӀе. Хьан деза долчу цӀа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.
11Л оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хӀума цо юучух дӀало, ша гӀелделла доллушехь, дийна дисархьама.
11«Хьажахьа хьо, Веза Эла, — оцу халкъо боху — юьхьӀаьржачу хӀоьттина долу сан хьал хӀинца муха ду.
12М ассо а новкъахула тӀехдовлурш, шуна иза хӀумма а дац! БӀаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгӀазваханчу цу халчу дийнахь.
13Н ийсса лакхара Цо цӀе охьа ма теси, сан даьӀахкашна иза кӀоргге чу ма ели. Со дӀалоцу бой Цо сан когашка теси. Со, охьа а йожийна, Цо юха ма ерзийти. Сан синах а кхетта, Цо со дӀа ма теси, Дийнахь сарралц Цо со гӀелйина дӀахӀоттий.
14О ццул долу сан къинош вовшех а дуьйцина, шен куьйгаца царах суна дукъ Цо дина. ТӀаккха и дукъ суна Цо коча диллина, иза бахьанехь сан берриг а ницкъ гӀелбалийтина. Хьалдолчу Эло дӀаелла-кх со схьаялалур йоцучеран кара.
15П Ӏелг Шен меттахбаккхарца дӀатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тӀемалой. ТӀаккха суна дуьхьал Цо эскарш дӀахӀиттий, Цаьрга хӀаллакбайтархьама сан къона тӀемалой. Мутт доккхучу гӀирсо санна, Цо дӀахьаьши яхӀудхойн йоӀ йолу и Ярушалайм-гӀала.
16Р еза йоцуш йоьлху со, бӀаьргаш бӀаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагӀа шайл тоьлла дела».
17С атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагӀий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гӀала дӀахӀоьтти-кх сийсазниг а хилла.
18«Т къа Веза Эла бакъонца ма лела, Цуьнан даше ас ла ца доьгӀна дела. Сан балане хьажий, ладогӀалаш, халкъаш, Сан йоӀарий, сан къонахий йийсарехь ма бу.
19Х олчу хӀоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Ӏехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кӀелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тӀе бевлла.
20Х ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хӀума егаеш дӀахӀоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦӀера хьал, ялар санна, ма ду сан хӀинца.
21Ц арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДӀахезна сан мостагӀашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тӀедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дӀатарбехьа.
22Ӏ есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дӀахӀуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гӀийла, Дог а сан мел гӀелделла».