1А лссам бу аса хьегна баланаш Везачу Элан дерачу олаллин куьйгах.
2А раваьккхи со Цо Ӏаьржачу бодане, серло йоцчохь со лелийтархьама.
3А ьрру куьг Шен дийнахь сарралц суна тӀехь а латтийна, Веза Эла суна дуьхьал ма ваьлла.
4Б илггал сан чкъор а, дилха а Цо мал а ма дина, сан даьӀахкаш а ца мегачу ма яьхна.
5Б оккха го бира Цо суна, къаьхьаллица а, халонашца а со дӀа а лаьцна.
6Б оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Ӏохкуш болу нах санна.
7В езачу Эло буржалш тоьхна суна, кӀелхьар ца валийта го бина суна.
8В езачу Элана дӀа ца хезара сан доӀа, со Шега доьхушший, кхойкхушший волуш.
9В езачу Эло тӀулгашца дуьхьало йи сан некъашна, со лела некъаш а галдехи Цо.
10Г амонца тӀекхета кечъелла ча санна, дӀахӀоьтти Иза суна. КӀело еш долу лом санна, хили Иза суна.
11Г амдина сан некъаш, цистина со дӀаваьккхи, цхьа а воцург а вина, дӀахӀоттий Цо со.
12Г Ӏакх дина, дӀахӀоттий Цо со, Шен секхаӀад а тӀехьажий Цо суна.
13Д ерриг а Шен Ӏад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тӀетуьйхи Цо.
14Д ерриг а сан халкъ сох кхаьрдаш дӀахӀоьтти, шаьш денна а лоькхучу иллешна юкъа цара со валий.
15Д Ӏовшах а вузийна со Везачу Эло, сагал-бецан къаьхьа хи а малийна Цо суна.
16Е рриг сан цергаш жагӀанца Цо кегйи, лаьттарчу чимлахь Цо со верриг а бехви.
17Е ли сан даг чуьра маршо а дӀа. Дицдели суна самукъадалар муха хуьлу а.
18«Е рриг а Везачу Элах йолу дегайовхо дӀаели сан, берриг а ницкъ дӀабели сан», — элира ас тӀаккха.
19Жирга хетачу стиман ӀаӀар а, сагал-бецан къаьхьалла а санна, ю ас сайн баланех а, ваьлла леларх а йо ойланаш.
20Ж олам-яӀ, мел дика дагахь лаьтта суна иза, ма доьхна ду-кха сан дог а хӀинца.
21Ж им-жимма делахь а, юхадоьрзу сан сатийсар, суна иза дагадеача:
22З аманашкахь а чекх ца болучу Везачу Элан безаман чаккхенга вай тӀе ца кхаьчна [6], ткъа Цуьнан къинхетамаллин гӀуллакхаш чекх а ца девлла.
23З овкх-яӀ, хӀора Ӏуьйранна карладуьйлу уьш, Хьан тешаме хилар а мел кӀоргге ду!
24З ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Ӏийр ву!»
25И штта дика ву Веза Эла, Шех а тешна, Ӏаш болчарна! Дика ву Веза Эла Ша лоьхуш болчарна!
26И штта дика ду собарца Везачу Эле ладегӀар, гӀолехь ду Цо кӀелхьардахаре хьежар.
27И штта, гӀолехь ду стагана ша къона волуш, собаран дукъ лело иза Ӏемича.
28К ъаьхьачу баланийн мохь Везачу Эло шена тӀе биллина дела, тап-аьлла, тийна, ша волччохь Ӏан веза иза.
29К хочуьйтуш шен юьхь лаьтта, охьатеӀийла иза Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча догдохийла кхин а хила там бу.
30К хечо шена тоьхча, шен важа бесни а схьаерзайойла цо. Шега вон дош аьлча, собарх вузийла иза.
31Л арам а беш, Хьалдолчу Эло гуттаренна а вуьтур вац иза.
32Л ан хала болу бала Ша тӀебаийтахь а, къинхетам бийр бу Цо, Шен хедар боцчу безаман бараме хьаьжжина.
33Л аа а лууш ца до Везачу Эло адамийн кӀенташна таӀзар а, халахетар а.
34М а хаьа-кх Цунна когаш кӀел хьоьший кху лаьттара массо а тутмакх.
35М а го-кх Веза Воккхачунна, Шена хьалха адаман бакъонаш ларъеш ца хилча.
36М а го-кх Хьалдолчу Элана, адамна кхел нийса еш ца хилча.
37Н агахь санна Хьалдолчу Элана хила лиъча бен, нахана лиънарг кхочуш хир дац.
38Н ийсса Веза Воккхачо аьлча а бен, хуьлий-ткъа бохам балар я беркат хилар?
39Н агахь санна ша хӀинца а вехаш хилча, къинош бахьанехь шена дечу таӀзарна латкъамаш бан ца беза стага.
40О цу ваьш лелачу некъийн тидам а бина, Везачу Элехьа доьрзийла вай, уьш талла а теллина.
41О цу стигалшкахь волчу вайн Деле хьалаойийла вай вешан дегнаш а, куьйгаш а.
42О ццул дуьхьал а девлла, Хьох дӀакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира.
43П аргӀат тхуна тӀаьхьа а ваьлла, Хьо оьгӀазвахча, тхох къа а ца хеташ, дайира Ахь тхо.
44П ардо санна йолчу цу мархина юкъахь дӀахьулвелира Хьо, тхан доӀанаш Хьайна тӀе ца кхачийтархьама.
45П ачхьалкхашна а, массо къаьмнашна а юкъахь нехаш санна дина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
46Р еза шаьш хиларна, мостагӀий вайх кхаьрдаш бу, вайн массо а мостагӀий вайна кхиссарш еш бу.
47Р агӀ кхечи вайн а, къаьхьа къемат а, оьрнаш а, дакъазадовлар а, дохор а хили вайн дакъа.
48Р оггӀана хин Ӏовраш йоуьйту сан бӀаьргаша, сан халкъ хӀаллакьхилар бахьана долуш.
49С ан бӀаьргаш ца совцу доьлхучуьра хӀинца, бӀаьрхиш сан охьаоьху, ца совцуш, хаддаза,
50с тигаларчу Везачу Элана, охьа а хьаьжна, вайн хьал дӀагаллалц.
51С ан бӀаьргашна гинарг бахьана долуш, сан гӀаларчу йоӀаршна гӀайгӀанехь ву со.
52Т Ӏаккха, олхазар лоцуш санна, массо агӀор хӀуъа а дина, со схьалаца гӀиртира сан мостагӀий, цхьа а бахьана доцуш.
53Т утмакх санна, со ор чу а кхоьссина, дийна волчу суна тӀе тӀулгаш кхиссина.
54Т Ӏаккха сан коьрте кхаччалц хиш хьаладевлча, ас элира: «Со хӀаллакьхили».
55У р-атталла цу кӀоргачу ор чуьра хьала а Хьан цӀе ас ма йохура, сан Веза Эла!
56«У зарш ас дарна, даккхий синош дахарна ма къовлахь Хьайн лерг дӀа!» — аьлла, ас орца даьккхича, сан аз Хьуна хезира дӀа.
57У ьйр Хьоьца лоьхуш, со Хьайга кхайкхича, Ахь, суна тӀе а хуьлуш: «Ма кхера!» — элира.
58Х ьалдолу ва Эла, сох даьлларг къастийнарг Хьо ма ву, сан дахар а паргӀатоне даьккхинарг Хьо ма ву.
59Х ьуна гина, Веза Эла, суна дина вон. Ахь-Айхьа ехьа сан гӀуллакхан кхел.
60Х ьуна го, Веза Эла, церан берриг а бекхамаш. Церан берриг дагалацамаш суна дуьхьал бу.
61Ц еран ерриг ойланаш суна дуьхьалъевлла, Хьуна хеза-кх, Веза Эла, цара етта баганаш.
62Ц ара хӀора денна суна дуьхьалдаьхна хӀилланаш го Хьуна, сан Веза Эла. Суна дуьхьалбевллачеран къамелаш а хеза-кх Хьуна, сан Веза Эла.
63Ц ара, хьажахьа, Веза Эла, шаьш хевшинчохь, гӀевттинчохь сох белам ма бо.
64Ӏ аббалц Ахь бекхам бехьа царна, ва Веза Эла, цара лелийначу гӀуллакхашка хьаьжжина.
65Ӏ аьржа дог царна чу Ахь диллахьа, Хьан неӀалт а хуьлийла царна тӀехь.
66Ӏ анаяй царна тӀе Хьайн оьгӀазалла, царна Хьо тӀаьхьавалахьа, Везачу Элан стигалшна кӀелхьара хӀаллак а бай, уьш дӀабахахьа!