1Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха.
2Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана.
3Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх.
4Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар.
5Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама.
6Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила
7массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила.
8Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама.
9Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна.
10Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.
11ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира.
12Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло.
13Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а
14Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а.
15ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта.