1Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а.
2Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш.
3ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай.
4
5
6
7
8И дош бакъ ду.
9Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.
10Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита,
11и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела.
12Артем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса.
13Ӏедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь.
14Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а.
15Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара.