ТӀаьххьарнаш 14:1-29 CHE2012 - Bible AI

1Исраилхойн паччахь волчу ЯхӀу-Ахьазан кӀанта ЯхӀуаша паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Юашан кӀант Амци-ЯхӀу.

2Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра.

3Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора.

4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.

5Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира.

6Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза».

7Амци-ЯхӀус Дуьра тогӀи чохь итт эзар эдомхо хӀаллаквира. ТӀамца СилаӀ-гӀала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цӀе тиллира цо. Тахханалц а цу гӀалин цӀе изза ю.

8ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», — дӀаала аьлла.

9Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, — аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна.

10Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара».

11Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира.

12Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира.

13Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.

14Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза.

15ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех — цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

16ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.

17ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира.

18Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

19Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра.

20Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.

21ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу [9] шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра.

22ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра.

23ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира.

24ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.

25ЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара.

26Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша — чубоьхкина я маьрша уьш белахь а — хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан.

27Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш.

28ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна — цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна — яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.

29ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.

cle>