1Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу
2Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра.
3Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг.
4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора.
5Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора.
6Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду
7ТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам.
8ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира.
9Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.
10Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш
11Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду
12Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира.
13ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира.
14Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш.
15Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна — яздина ду
16Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.
17ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира.
18Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза.
19Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула
20ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети
21Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду
22ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу.
23Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.
24Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.
25Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта.
26Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду
27ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира.
28Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза.
29Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк — шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш — дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо.
30Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ.
31Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду
32Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам.
33Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.
34Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора.
35Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара.
36Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду
37Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан.
38Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.