ТӀаьххьарнаш 21:1-26 CHE2012 - Bible AI

1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра.

2Везачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша.

3Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора.

4Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» — Везачу Эло аьлла доллушехь а.

5Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.

6Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.

7Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь — исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь — хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а.

8Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг — Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам — цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац».

9Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.

10Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира:

11«ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо.

12Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш.

13Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм.

14Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна.

15Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна».

16Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира.

17Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

18ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.

19Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра.

20Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а.

21Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш.

22Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза.

23Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.

24ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.

25Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел динчух лаьцна — яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь.

26Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.

cle>