1Къона волуш хьайн дагахь латтавелахь хьуо Кхоьллинарг, хала денош тӀехӀиттале а, «ХӀинца-м дуьненах самукъа а ца долу сан», — ахь олу хан тӀекхачале а,
2малх а, серло а, бутт а, седарчий а кхолале а, догӀанна тӀаьххье юха а керлачу мархаша стигал кхолаяле а.
3Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, цӀенна ха дийраш а ластабале, нуьцкъалнаш а саттабале, кӀеззиг бисарна хьерахь болу зударий кӀа ахьа а совцале, корах арахьоьжучу зударийн бӀаьрса кхолале,
4араволу неӀарш а дӀакъовлале, хьерарчу тӀулган гӀовгӀа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гӀовгӀа чекх а ялале.
5Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, хьо лакхенах кхоьру хан а тӀекхачале, некъан халонех а хьо кхерале, миндал-дитто шен заза а хецале [3], цаьпцалг меллаша а такхале, дахаран чам а хьан дӀабалале. Адам Ӏожаллин цӀа чу ма доьду, ткъа белхар хӀоттон берш хӀинца а урамашкахь лелаш бу.
6Иштта дагахь латтаве хьо Кхоьллинарг, дато зӀе а хадале, дашо кад а кагбалале, шовданан коьртехь кхаба а йохале, хин хьостанехь чкъург а кагъялале,
9Тидам бе, устаз хьекъал долуш вара, цундела цо халкъана хьехамаш бора. Цо дуккха а кицанаш зуьйра, толлура, дӀаяздора.
10Цу устазо, догӀуш доллу хаза дешнаш а лоьхуш, билггал бакъдолу дешнаш дӀаяздина.
12Тидам бе, сан кӀант! Кхин а цхьа дӀахьедар до ас хьоьга! Хьекъале кицанаш гулдар чаккхе йоцу болх бу. Хьекъалалла талларо кӀадвийр ву хьо.
13Хьуна дӀахезначу дерригенан а жамӀ иштта ду: Делах а кхера, Цуьнан весеташ кхочуш а де, хӀунда аьлча хӀора адамна тӀедиллина декхар ду иза.
14ХӀунда аьлча адамаша мел дечунна — къайлаха деш долу дика я вон иза делахь а — Дала Ша кхел йийр ю.