1
2
3
4
5
6
7
8
9Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах?
10Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш.
11Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а.
12Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.
13Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.
14Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама.
15
16Стигална кӀел суна кхин а гира,
17ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю».
18Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш.
19Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду!
20Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю.
21Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»
22Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.