1ТӀаккха, дӀахьаьжча, суна гира стигална кӀел мел еш йолу гӀелонаш.
2ТӀаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гӀелонаш хьоьгуш болчарна чул дӀакхелхинчарна гӀолехь ду аьлла.
3Ткъа стигална кӀел леладо зуламе гӀуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна.
4Суна гира, адамо мел дечу гӀуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
5Сонтачу стага, пӀелгах пӀелг а тоьхна, болх ца беш, ша-шен хӀаллакво.
6Амма, синтем а болуш, схьаэцна долу цхьа сахь тоьлу, сов къа а хьегна, даьккхинчу шина сахьанал. Махана Ӏуналла дан гӀертар санна, ду иза.
7Юха а кхетам тӀе ца кхуьу цхьа хӀума гира суна стигална кӀел.
8Я кӀант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гӀуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бӀаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гӀуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а, гӀайгӀане болх а бу.
9Шиъ цхьаьна хилар дикаха ду, ша цхьаъ хуьлучул. Шаьш цхьаьна хьегначу къинах царна пайда хир бу.
10Царах цхьаъ охьавожахь, вукхо иза хьалагӀаттор ву. Ша цхьаъ вуьсучу стеган ма къа ду! Иза гӀатто уллохь цхьа а ца хуьлу.
11Иштта, шиъ цхьаьна охьавижча, и шиъ вохло. Ткъа ша цхьаъ волчун вохвалар муха хир ду?
12МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.
13
15Кхин а суна гира, стигална кӀел веха хӀора стаг а дуьнен тӀехь вехачу кхечу къонахчунна тӀаьхьахӀоттар.
16Дагар ца даллал дукха дара и халкъ. Амма цу къонахал хьалха хиллачу а, иштта цул тӀаьхьа хинболчу а нахана цунах цхьа а там ца белира. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.
17Хьо Делан цӀа долчу воьдуш, ларлуш хилалахь. Сонтачу наха санна, сагӀина хӀума яхьачул, Делан цӀенна тӀе а вирзина, ладогӀар дикаха ду. Уьш ца кхета, шаьш сонта лелий.