1Стигална кӀел цхьа хала бала хилар гира суна, ткъа иза-м кест-кеста хуьлу.
2Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло — цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а ду, цул сов, иза чӀогӀа хала бала а бу.
3Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.
4Цуьнан дуьнен чу длар а, кхалхар а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. Ӏаьржачу Ӏожалло цунах хиндерг хьулдо.
5Ша кху дуьненахь цадахарна, цу берана кху дахарх лаьцна хӀумма а ца хаьа, делахь а цуьнан синтем аса масална валийначу стеган чул сов бу.
6Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дӀадоьрзуш дац?
7
8
9
10
11
12