1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу.
16ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала — хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь?
17Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила — хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь?
18ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.
19Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву.
20Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.
21Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама.
22ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.
23Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера!
24Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?
25Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а.
26Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву.
27«Хьажал суна карийначуьнга, — олу устаза. — ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама.
28Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“».
29Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.