1
2Дала паччахьна дийр ду аьлларг бахьана долуш, боху ас: паччахьо мел бохург ларделахь.
3Хьайн паччахьах дӀакъаста сих а ма ло, цунна дуьхьалбевллачарах дӀа а ма кхета, хӀунда аьлча паччахьан шена луъург дан йиш ю.
4Цу тӀе, паччахьан дош уггаре а нуьцкъала ду, цундела хьан эр дара цуьнга: «Ахьа хӀун леладо?»
5
6
7
8
9И дерриг а суна гира, стигална кӀел кхочушдо гӀуллакхаш талла сайн дог ас къобалдича. Цхьана адамо вукхунна тӀехь олалла до, ткъа иза бахьана долуш цу шиммо а бала хьоьгу.
10ХӀетахь гора суна зуламхошна дӀахӀиттош долу тезеташ. Уьш, езачу меттера схьа а оьций, дӀабухкура. Ткъа цара зуламаш динчу гӀаларчу бахархоша церан сий дора
11Зуламна сихха таӀзар ца даро адамийн дегнаш зуламаш дарехьа дерзадо.
12Къинош летош волчо бӀозза къа латадешшехь, иза дуккха а ваха тарло. Амма суна хаьа, Делах кхоьручунна дика хир дуйла, иза Цунна хьалха вегош лела дела.
13Ткъа зуламаш лелочунна Делера дика а хир дац, иза, ӀиндагӀ санна, дукха а вехар вац, Делах ца кхоьруш ша лела дела.
14Кхин а ду лаьттахь хуьлуш цхьа кхетам тӀе ца кхуьу хӀума. Бакъахьарчу адамашна зуламхошна тӀе дан деза вон тӀедогӀу. Ткъа зуламхошна бакъахьарчарна хила дезарг хуьлу. Аса ма-аллара: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду!»
15Амма аса сайн хьехам бо, адаме шен дахарх самукъадаккха аьлла. Стигална кӀел адамна уггаре а диканиг яар-малар а, шен дахарх самукъадалар а ду. Дала шена стигална кӀел деллачу дахарехь, ша бечу балха тӀехь цу гӀуллакхаша иза новкъа воккхур ву.
16Хьекъалалла довза а, кху дуьненахь адамаша дечу гӀуллакхашка хьажа а ас сайн дог къобалдича, дийнаххьий, буьйсанний наб яйнера сан.
17ТӀаккха берриг Делан белхаш сайна гича, суна хиира, Дала стигална кӀел мел дечу хӀуманна адам тӀекхиалур доцийла. Хаа мел гӀертарх а, хуур дац цунна иза. Нагахь цхьана хьекъалалла долчу стага шена хаьа бохуш хилча а, цуьнан а йиш яцара иза дерриг а ма-дарра хаа.