1Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду.
2
3Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху.
4Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул».
5Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу.
6ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший — уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац.
7Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна.
8Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш.
9Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду.
10Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.
11Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш:
12Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу.
13Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира.
14Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина.
15Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара.
16Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а.
17Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал.
18Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо.