1Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаӀална Ӏамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.
2Исраилхоша хӀинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цӀуш бо. Шайн детих говза йина хӀуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагӀанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»
3И бахьана долуш уьш Ӏуьйренан дохк санна а, хьалххехь дӀадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дӀахьоькху ялтин нехаш санна а, биргӀанан чуьра хьалаболу кӀур санна а.
4Везачу Эло боху: «Амма Со шун Веза Дела ву, Мисар-махкара шу арадаьхна волу. Со воцчунна, кхин цхьана а далла улло ма гӀерта. Со воцург, шу кӀелхьардохург кхин цхьа а ма вац.
5Яьссачу аренгахь шуна уллохь хилларг [14] Со ма вара, къаьсттина декъа долчу оцу лаьттахь.
6Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
7И бахьана долуш Со лом санна хир ву царна. Некъан йистехь кӀелхиъна долу цӀокъ санна, кечлур ву Со.
8КӀорнех яьккхина ча санна, тӀелетар ву Со царна. Шена чохь дог долу церан накха этӀор бу Аса. Уьш, лоьмо санна, буур бу Аса. Уьш цоьстур бу аренийн акхароша».
9«Аса хӀаллакдийр ду хьо, Исраилан халкъ. ТӀаккха хьан гӀо дийр ду хьуна? [15]
10Мичахь ву хьан паччахь хӀинца? Цо хьо кӀелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гӀаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“
11Аса паччахь велира хьуна Со оьгӀазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
11
12Эпрайман халкъан харцонаш схьагулйина ю, цуьнан къинош дӀадехкина ду.
13Бер дечу зудчун хуьлу лазарш тӀедогӀур ду цунна. Иза хьекъал доцу кӀант ву. Дуьнен чу вала хан тӀееача, ненан кийрара аравала цунна ца лаьа.
14Эхартан карара Аса уьш паргӀатбохур буй те? Ӏожаллех Аса уьш кӀелхьарбохур буй те? Ӏожалла, мичахь ду хьан уьнаш? Эхарт, мичахь бу хьан бохам? Айса динчунна Со дохковер вац!