1 «Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Ӏами) алий, цӀе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цӀе тилла».
2 «Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала.
3 Нагахь санна шен сийсазлелар цо ца дитахь, цуьнан бедарш этӀор ю Аса, нанас дуьнен чу йоккхуш ма-хиллара, ерзина а яьккхина. Иза, яьсса аре санна, дӀахӀоттор ю Аса, иза, декъа латта санна, йийр ю Аса, хьагъярца хӀаллакйийр ю.
4 Аса къинхетам бийр бац цуьнан берех, тешаме доцу бераш уьш долу дела.
5 ХӀунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара.
5 Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тӀаьххье дӀагӀур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тӀаргӀа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.
6 Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дӀакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дӀахӀоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама.
7 Иза шен безаргашна тӀаьхьауьдур ю, амма тӀаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТӀаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тӀе дӀагӀур ю со. Цуьнца долу дахар гӀоле дара сан, хӀинца чул“.
7
8 Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагӀаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаӀал-цӀу дӀахӀоттийна.
9 Ялта чудерзо хан тӀекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагӀар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тӀаргӀа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.
10 Иштта цуьнан дерзина дегӀ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
11 Аса сацор ду цуьнан мел долу сакъерадалар а, шеран деза денош даздар а, бутт цӀинбаларан денош даздар а, шоьтан денош ларар а — дерриге а Везачу Элана лерина деза денош долу.
12 Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хӀара“, — олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу.
13 Аса таӀзар дийр ду цунна, БаӀал-цӀушна хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, шен чӀагарш а, туьтеш а шена тӀе а оьхкина, шен безаргашна иза тӀаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», — боху Везачу Эло.
14 «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дӀа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса.
15 Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Ӏахур-тогӀех сатийсаран неӀ дӀахӀоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь».
16 Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидӀа „сан БаӀал“ [2] эр дац ахь Сох.
17 БаӀалийн цӀераш цуьнан багара дӀайохур ю Аса, церан цӀераш кхин йохур яц цо.
17
18 Цу хенахь Аса барт бийр бу аренийн акхарошца, стигаларчу олхазаршца, лаьттарчу текхаргашца. Ӏаддий, туррий, тӀоммий дӀабоккхур бу Аса цу лаьтта тӀера. Кхерам а боцуш, баха буьтур бу Аса уьш.
19 Гуттаренна а Сайна тӀеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.
20 Сайна тешаме хиларца тӀеерзор Аса хьо, Веза Эла волу Со тӀаккха къобалвийр ву ахь.
20
21 Цу дийнахь иштта хир ду, — боху Везачу Эло, — Аса стигалан дехарна жоп лур ду, цо а лаьттан дехарна жоп лур ду.
22 Ткъа ялтин а, чагӀаран а, даьттанан а дехарна лаьтто жоп лур ду, ткъа цара „ИзраӀал“ — Дала дӀадоь — аьлла, жоп лур ду.
23 Иза Аса Сайна лаьттахь дӀаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ — эр ду».
Institute for Bible Translation, 2012