1Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тӀедерза вай. ХӀунда аьлча Цо вай лаза а дина — Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш — Цо уьш дӀа а йоьхкур ю.
2Цо ши де даьлча ден а дийр ду вай, кхозлагӀчу дийнахь ира а хӀиттор ду. ТӀаккха дехар ду вай Цунна хьалхахь.
3Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гӀерта вай. Цуьнан гучувалар, цӀийъелла Ӏуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогӀур ву Иза вай долчу, Ӏаьнан догӀа санна, бӀаьста деанчу догӀано латта тӀадор санна».
4Ткъа Везачу Эло боху: «ХӀун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХӀун де те хьуна, ЯхӀудан халкъ? Шун безам Ӏуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дӀадолу тхи санна а ма бу.
5Цундела пайхамарашкахула Аса шун дог дохадора. Сайн багарчу дешнашца еттара Аса шуна. Аса еш йолу кхел, схьакхета малх санна, билггала ю.
7Адам-гӀала йолчохь санна [6], Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна.
8ГалӀад — Ӏесачийн гӀала ма ю. Цунна чохь йолу лараш цӀийх юьзна ма ю.
9Динан дайн тоба тера ю кӀелонехь Ӏуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме [7] боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо.
10Инзаре ирча хӀума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦӀушна Ӏамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.
11Хьуна а, ЯхӀудан халкъ, таӀзаран ялта чудерзо хан билгалъяьккхина». «Сайн халкъан аьтто бар Аса карладаьккхича,