1Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гӀалин зуламаш а гучудовлу. ХӀунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гӀалин урамашкахь талораш деш.
2Царна дага а ца догӀу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хӀинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду.
9Хийрачу къаьмнех болчу наха цуьнан ницкъ дӀаоьцу, ткъа цунна иза ца хаало. Къежделла Эпрайман халкъ, амма иза ца кхета.
9
10Массо а и бохамаш адамашна тӀебаьхкина, хӀетте а шайн Везачу Далла тӀе ца доьрзу уьш, адамаша Цуьнга гӀо а ца доьху. Иштта Исраилан халкъан куралло а цунна дуьхьал тоьшалла до.
10
11Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гӀо доьху, Ашур-махка гӀо деха а доьду иза.
12Уьш тӀехбоьлхучу новкъахь Аса царна тӀе Сайн бой тосур ю. Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу. Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса [8]».
13«Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кӀелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура.
14Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догӀмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кӀа а, чагӀар а далар. Ткъа и дарца Сох дӀабирзина уьш.
14
15Уьш Нисбийриг а, царна ницкъ Лург а Со велахь а, Суна дуьхьал зуламаш дан дагалецира цара.