1
2ТӀаккха Нахьаша цаьрга элира: «Аса шуьца барт бийр бу, амма шуна цхьа декхар тӀе а дожош: шун хӀораннан а аьтту бӀаьрг баккхарца дерриг а Исраилан халкъ юьхьӀаьржачу хӀоттор ду ас».
3ТӀаккха Явеш-гӀаларчу къаноша цуьнга элира: «Тхуна ворхӀ де хан лахьара ахьа, Исраилан махка массо а маьӀӀе геланчаш бахийта. Нагахь цхьаммо а тхуна гӀо ца дахь, тхо хьуна тӀе догӀур ду».
4Геланчаш Шаул Ӏаш волчу ГебаӀ-гӀала баьхкира. Цара шайна тӀехӀоьттинарг дерриг а халкъана дӀадийцира. Массо а адам, мохь хьоькхуш, делха доладелира.
5Стерчашна тӀаьхьа а хӀоьттина, аренгара цӀа вогӀуш хилла Шаул. Цо хаьттира: «Адамашна хӀун хилла? Уьш стенна боьлху?» Цунна Явеш-гӀалара баьхкинчара деанарг дӀадийцира.
6И хӀума цунна дӀа-ма-дийццинехь, Делан Са Шаулна тӀе Шен ницкъаца охьадоьссира. Шаул чӀогӀа оьгӀазвахара.
7Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьӀӀе цу геланчашка дӀасадахьийтира, массарна дӀа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тӀаьхьа ца хӀиттинчеран стерчий», — аьлла.
8Шаула Безакх-гӀалахь уьш схьагулбира: Исраилан махкара кхо бӀе эзар стаг вара, ЯхӀуд-махкара ткъе итт эзар стаг а вара.
9Цара геланчашка элира: «ГалӀадерчу Явеш-гӀалин бахархошка дӀаала: „Кхана малх схьакхеттачул тӀаьхьа царна гӀо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дӀаэлира. Уьш чӀогӀа гӀадбахнера.
10Явеш-гӀалин бахархоша Ӏамминхошка элира: «Тхо кхана дӀадогӀур ду. Шайна дан луург дийр ду-кх аша тхуна».
11ШолгӀачу дийнахь схьагулделла долу халкъ Шаула кхаа тобане дийкъира. Ӏуьйранна, сахилале, уьш Ӏамминхойн меттаматтана юккъе лилхира, делкъахан тӀекхачале цара уьш эша а бира. ТӀаьхьабисинарш, шиъ цхьаьна воцуш, дӀасабевдира.
12ТӀаккха халкъо Шамъале элира: «Мила ву: „Шаула дийр дара тхуна тӀехь паччахьалла?“ — баьхнарг? Схьало уьш тхоьга, оха уьш бойур бу!»
13Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кӀелхьардаьккхина!»
14Шамъала халкъе элира: «Дуьло, Галгала дӀагӀо вай, юха а паччахьалла дӀахӀоттор ду вай».
15Дерриг а адам Галгала дӀадахара. Цигахь, Везачу Элана хьалха, Шаул, паччахь веш дӀа а хӀоттийна, Делаца барт беш сагӀанаш дехира цара. Шаулан а, дерриге а Исраилан халкъан а чӀогӀа самукъаделира цу дийнахь.