1КхозлагӀчу дийнахь Дауд а, цуьнан накъостий а схьабаьхкира ЦакхелагӀ-гӀала. Ткъа Ӏамалекхахоша, НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь йолчу ЦакхелагӀана тӀе а летта, гӀала ягийнера.
2Зударий а, цигахь шайна мел карийна волу жима а, воккха а стаг, вен а ца вуьйш, йийсаре дӀавигнера.
3Дауд а, цуьнца хилларш а гӀала схьакхаьчча, царна гира цӀарца ягийна Ӏуьллуш йолу гӀала, ткъа кхеран зударий а, кӀентий а, йоӀарий а йийсаре дӀабигнера.
4ЧӀогӀа белха буьйлабелира Дауд а, цуьнца хилларш а. Кхин белха шаьш де доцуш биссалц, билхира уьш.
5Йийсаре дӀайигнера Даудан ший а зуда: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.
6Шайна тӀекхаьчна долу вон ла ца луш, шайн кӀентий а, йоӀарий а дӀабигна карийна, доьхна хьийзаш долу адам Даудана тӀе тӀулгаш детта гӀерташ дара. И хӀума бахьана долуш чӀогӀа воьхнера Дауд а, амма иза, шен Везачу Делера дегайовхо а карийна, чӀагӀвелира.
7Цо динан да волчу Ахьи-Маликан кӀанте Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая кхуза еза ийпад». Абу-ЯтӀарис Даудана тӀе иза схьаеара.
8Везачу Эле Дауда хаттар дира: «ТӀаьхьаваха везий со цу мостагӀийн цӀазана? ТӀаьхьакхуьур вуй со царна?»
9Шеца ялх бӀе стаг а волуш, Дауд новкъа велира. Уьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчу кхечира. КӀадбелларш цигахь севцира.
10Виъ бӀе стаг цхьаьна а волуш, Дауд, цигахь ца соцуш, дӀавахара. Ткъа важа ши бӀе стаг, шаьш чӀогӀа кӀадбелла хилар бахьана долуш, Бачоран Ӏоврел дехьа а ца валавелла, цигахь сецира.
11Царна аренгахь цхьа мисархо карийра. Иза Дауд волчу схьа а валийна, цунна яа хӀума а, хи а делира цара.
12Цара мисархочунна Ӏаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дӀадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хӀума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара.
13Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо хьенан ву, мичара вогӀуш ву?»
14Тхо кератхойн а, ЯхӀудан тайпанан а, Килабан гаранан а НегӀабахь болчу мехкашна тӀегӀоьртинера, ткъа ЦакхелагӀ оха цӀарца ягийра».
15Дауда цуьнга элира: «ДӀавуьгур вуй ахьа со мостагӀийн цӀоз долчу?»
16Цо уьш цига дӀабигира.
17ШолгӀачу дийнахь Дауд тӀелетира царна. Ӏуьйранна дуьйна царна тӀеетта волавелла иза суьйренга велира. Цхьа а кӀелхьара ца велира, эмкалшна тӀе а хиъна, ведда дӀавахана волу виъ бӀе жима стаг воцург.
18Цара дӀа мел даьхьна долу рицкъа а схьадаьккхира Дауда, шен ши зуда а йийсарера мукъаяьккхира цо.
19Церан цхьа а я жиманиг а, я воккханиг а ца вайра. Массо кӀант а, йоӀ а, дуьненан рицкъа а юхадерзийра Дауда, Ӏамалекхахоша дӀадаьхьна долу.
20Дауда массо а жима а, доккха а даьхни схьадаьккхира, ткъа цуьнан накъосташа, шайна хьалха а даьхна, дӀадигира уьш. Наха бохура: «ХӀара Даудан хӀонс ю».
21Шаьш Бачор олуш йолу хин Ӏовраш йолчохь, гӀел а велла, витина волу ши бӀе стаг волчу схьакхечира уьш. Даудана а, цуьнца хиллачарна а дуьхьал арабевлира уьш. ТӀе а вахана, Дауда цаьрга маршалла хаьттира.
22ТӀаккха кхуьнца хилла болчу вон дог долуш болчу наха элира: «Уьш вайца ца баьхкира. Цундела вай царна хӀумма а лур яц. ХӀора стаг, шен зуда а, бераш а дӀа а эций, дӀагӀо».
23Амма Дауда элира: «Иза ма дахьара аша, сан вежарий. Везачу Эло вайна хӀара хӀума делла, вайна дуьхьалдаьлла долу мостагӀийн цӀоз вайн кара схьа а делла, вай кӀелхьардаьхна.
24Цу тӀехь шуна мила тӀетовр ву? ТӀамтӀе баханчарна санна, дакъа догӀу тӀеман гӀирс ларбеш Ӏийначарна а: хӀума массарна а юкъахь декъа деза».
25Цу хенахь дуьйна Исраилан махкахь Дауда, цу тайпана нийсо хила еза аьлла, дӀахӀоттийра. Иза хӀара де тӀекхаччалц схьадогӀуш а ду.
26Дауд ЦакхелагӀа юхавеара. Ша тӀамехь схьадаьккхинчух дакъа дахьийтира цо ЯхӀуд-махкарчу къаной болчу доттагӀашна. Цо элира: «ХӀара ду шуна Везачу Элан мостагӀашкара схьадаьккхинчух долу совгӀат».
27Цунах дакъа Бетал-гӀалахь болчаьрга а, НегӀабан Рамате а, Итар-гӀала а,
28ӀаруӀера а, Чапмут-гӀала а, ЭштамуӀа а,
29Рахал-гӀала а, ярахьмиалхойн а, кхенахойн а гӀаланашка а,
30Хьорме а, Бор-Ӏашуна а, Ӏатах-гӀала а,
31Хьевроне а, иштта ша а, шен накъостий а леллачу массо а меттигашка дахьийтира.