1Лакхийша маӀа Цийон-лам тӀехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тӀехь! Бегабойла хӀокху мехкан берриг а бахархой, хӀунда аьлча Везачу Элан де тӀедогӀу, иза герга ду.
2И де боданан а, Ӏаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дӀасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цӀазан эскар тӀедогӀу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тӀеяллалц а хир дац.
2
3Цунна хьалха дерг цӀеро дагадо, цунна тӀаьхьа дерг алуно морцу. Цуьнан хьалхара латта Ӏеданан беш санна ду, ткъа цунна тӀаьхьарниг — яссийна аре ю. Цунах цхьа а хӀума кӀелхьардалалур дац.
22Ма кхерийша, дийнаташ! Яьссачу аренийн дежийлаша бецаш кхиор ю. Дитташа шайн стоьмаш кхиор бу, инжиро а, таьлланго а шорто лур ю.
22
23Даккхийде шу а, Цийонан кӀентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дӀаделира шуна догӀа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тӀаьхьа хуьлу а догӀа.
24Хьаьттарш а ялтех юзур ю, муттдоккхургаш а кемсийн муттанах а, зайтдаьттанах а тӀехъюьзна хир ю.
25Шу долчу Ас тӀехецначу эскаро — цӀазан хьалхара арданго а, цӀазан кхин мел йолчу ардангаша а — хӀаллак мел динарг, Ас меттахӀоттор ду.
26Шаьш Ӏаббалц а юуш, дуьзна хир ду шу. Шайн Везачу Делан цӀарна хастамаш бийр бу аша, шайна тӀехь Цо инзаре гӀуллакхаш дина дела. Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу хӀуттур дац.
27ТӀаккха хуур ду шуна Со Исраилан халкъана юкъахь хилар. Со шун Веза Дела ву, кхин цхьа а дела а вац, Сан халкъ кхин цкъа а юьхьӀаьржачу а хӀуттур дац».
28«Цул тӀаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гӀенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхӀуьттуш хир бу.
29Ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь.
31Малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду, Везачу Элан де тӀекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду.
32Цу хенахь хӀорра а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву. Везачу Эло ма-аллара, кӀелхьардовлар Цийон-лам тӀехь а, Ярушалаймехь а хир ду. КӀелхьарбаьхнарш Дала Ша тӀекхайкхинарш хир бу».