1Юнусана иза чӀогӀа халахийтира, цундела иза оьгӀазвахара.
2ТӀаккха цо доӀанна тӀехь дийхира Везачу Эле:
3Ткъа хӀинца, Веза Эла, дӀаэцахь сан са, хӀунда аьлча суна валар гӀоле ю-кх, вехачул».
4ТӀаккха Везачу Эло хаьттира: «Бакъо юй-те хьан оьгӀазваха?»
5Цул тӀаьхьа Юнус, гӀалара ара а ваьлла, гӀалин йистехь малхбалехьа йолчу агӀор охьахиира. Цигахь цо шена бун йира. Оцу бун чохь ӀиндагӀе а хиъна, гӀаланах хӀун хуьлу-те бохуш, хьоьжуш Ӏара иза.
6ТӀаккха Везачу Дала Юнусана хало ца хилийтархьама а, цуьнан коьрта тӀехула ӀиндагӀ хилийтархьама а, цхьа орамат
7Цул тӀаьхьа Дала иштта нисдалийтира: шолгӀачу дийнахь сатоссучу хенахь цу ораматан бух нӀаьно, баа а биъна, талхийра. ТӀаккха орамат якъаелира.
8Малх кхетча, Дала малхбалехьара чӀогӀа бовха мох балийтира. Малхехь Юнусан корта чӀогӀа батталора. Цуьнан са малделлера, тӀаккха шена валар дийхира цо: «Валар а гӀоле ду-кх, иштта вехачул», — бохуш.
9Юха а хаьттира Юнусе Дала: «Бакъо юй хьан иштта оьгӀазваха и орамат якъаялар бахьана долуш?»
10ТӀаккха элира Везачу Эло: «Хьуна къахетта оцу ораматах, цхьана буса хьала а яьлла, цхьана буссехь хӀаллакьхилла йолчу, айхьа цунна тӀехь къахьегна доццушехь, иза айхьа кхиийна доццушехь.
11Муха хетар дац Суна къа, шайн аьтту куьг аьрручух къасто а ца хууш, бӀе ткъа эзар адам а, шортта даьхни а шен чохь долуш йолчу йоккхачу Нунав-гӀаланах?»