1ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра.
2Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара.
3Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза.
4Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.
5Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц.
6Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.)
7Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза.
8Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара.
9Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю).
10БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура.
11Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра.
12Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.
13Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.)
14Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара.
15Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.)
16Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас».
17Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба.
18Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла
19ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.
20Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа:
21Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур,
22Кхина, Димуна, Ӏадада,
23Кхедаш, Хьацор, Йитнан,
24Зип, Телам, БеӀалт,
25Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор,
26Амам, ШемаӀ, Мулада,
27Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти,
28Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу,
29БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам,
30Элтолад, Кесал, Хьорма,
31ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана,
32Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун — ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.
33Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна,
34Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам,
35Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи,
36ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) — ейтта гӀала шайн ярташца.
37Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад,
38ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал.
39Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон,
40Каббон, Лахьмас, Китлиш,
41Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда — ялхитта гӀала шайн ярташца.
42Либна, Ӏетар, Ӏашун,
43Йиптахь, Ашна, Нециб,
44КъаӀила, Ахзиб, Мареша — исс гӀала шайн ярташца.
45Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш,
46Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.
47Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.
48Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха,
49Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар),
50Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним,
51ГӀашан, Хьулон, Гило — цхьайтта гӀала шайн ярташца.
52Арба, Дума, Эшхьан,
53Янум, Байт-Тапухьа, Апекха,
54ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор — исс гӀала шайн ярташца.
55МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа,
56ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь,
57Кхаим, ГебаӀ, Тамна — итт гӀала шайн ярташца.
58Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур,
59МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун — ялх гӀала шайн ярташца.
60Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба — ши гӀала шайн ярташца.
61Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха,
62Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади — ялх гӀала шайн ярташца.
63Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.