ЮшаӀ 23:1-16 CHE2012 - Bible AI

1Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера.

2Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаӀа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хӀинца, къан а велла, хене а вирзина.

3Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.

4Малхбалерчу Йордан-хи тӀера малхбузерчу Дуьненаюккъера хӀорда тӀекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дӀаделла ас. Вай хӀинцале хӀаллакдинчу къаьмнийн а, хӀаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дӀаделла шуна.

5Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дӀа а даьхна, дӀалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дӀадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара.

6Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш.

7Шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цӀарах чӀагӀонаш а ма е, царна гӀуллакх а, Ӏибадат а ма де.

8Шайн Везачу Далла тешаме хила, хӀинццалц шаьш ма-хиллара.

9Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.

10Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара.

11Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела.

12Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь,

13хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.

14Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!

15Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваӀда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТӀаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера Цо тӀепаза дойур ду шу.

16Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».

Institute for Bible Translation, 2012
v>