7Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
8Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.
9Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла. И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.
10Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.
11(Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)
14ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
15Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тӀепаза йовр ю.
16Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац, хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.
17Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу!