13Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».
14Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю.
15Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду.
16Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу.
17Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», — боху Везачу Эло.