12Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».
13ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагӀийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хӀокху лаьтта тӀехь“».
14ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу.
15Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.
16Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.
17ХӀара Сан дош цаьрга дӀакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бӀаьргаш хих бузийла, хӀунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоӀстаг йолчунна боккха бохам баьлла.
18Аренга Со араваьлча, туьро хӀаллакбинарш го Суна, гӀала Со чувеача, мацалло кӀелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».
19Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.
20Веза Эла, оха мукӀарло до тхаьш лелийначу Ӏесачу гӀуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна.
21Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дӀа, Хьайн сийлаллин Ӏарш сийсаз ма яккхахьа. Тхоьца Ахьа бина болу барт дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.
22Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.