1Везачу Элан дош кхечира соьга:
2«Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кӀентий а, зудабераш а хӀокху махкахь.
3Иштта боху Веза Эла волчу Аса хӀокху махкахь бина болчу кӀентех а, йоӀарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна:
4И нах Ӏожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дӀа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тӀехь, кхо санна, Ӏохкуш хир ду. И нах мостагӀийн тарраша а, мацалло а хӀаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
5Цундела иштта боху Везачу Эло: «Тезет долчу керта ма гӀолахь, цигахь кадам а ма белахь, хӀунда аьлча Аса и къам машарца кхин декъалдийр дац, — боху Везачу Эло, — царна Сан безам а, къинхетам а кхин гойтур бац.
6Махкахь цӀе яхана болу нах а, къен нах а хӀокху лаьтта тӀехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дӀа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа.
7Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хӀума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама.
8Иштта церан тойне а ма гӀолахь, цаьрца дууш, молуш сакъерархьама».
9Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду».
10«Ярми-ЯхӀу, ахьа яхӀудхошка хӀара дӀадийцича, цара хьайга: „ХӀунда хӀоттийна тхоьга Везачу Эло хӀара боккха бала, тхоьгара хӀун даьлла, Везачу Элана хьалха хӀун къинош летийна оха?“ аьлла, хаттахь,
11ахьа жоп дала деза: „И шуна хилларг дӀаяханчу заманашкахь шун дай Сох дӀаберзар бахьана долуш хилла, — боху Везачу Эло. — Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал а йора, царна суждане а оьхура уьш. Со дӀа а теттина, цара Сан товрат-хьехамаш лар ца бора.
12Амма аша шайн дайшачул а чӀогӀа дукха къинош летийна. Шух хӀорра а шен вочу деган аьрхаллица лелаш ву, амма Соьга ла ца дугӀу аша.
13Цундела Аса шу, кху лаьтта тӀера дӀа а кхиссина, шуна а, я шун дайшна а девзаш доцучу махка дӀадохуьйтур ду. Цигахь лелар ду шу дийнахь а, буса а кхечу деланашна Ӏамал еш, ткъа Аса шух къинхетам бийр бац“».
14«Делахь а, кестта тӀекхочур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу.
15Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тӀе юхаберзор бу Аса уьш».
16«Кестта Аса дуккха а чӀерийлецархой хьажор бу цига, — боху Везачу Эло. — Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тӀаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тӀера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дӀабахийта.
17Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хӀума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бӀаьргаш хьалха лаьтташ ду.
18Уьш юхаметтахӀоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догӀург шозза дӀалур ду Аса оцу нахана, хӀунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цӀушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна».
19Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дӀалечкъийла а! Хьо волчу догӀур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьӀӀера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Ӏамал еш а хилла. Амма цу цӀуша царна цхьа а тайпана гӀо ца дина.
20Йиш юй адамийн шайна деланаш кхолла? Уьш куьйга дина суьрташ ма ду, церан деланаш хила йиш а ма яц!»
21«Цундела Аса и нах Ӏамор бу. Аса гойтур ю царна Сайн нуьцкъалалла а, гӀора а. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла!»