1Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан хӀара дош кхечира:
2«Куьпчи волчу цӀа гӀо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга».
3Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тӀехь болх беш вара.
4Цо еш йолу поппаран пхьегӀа йоьхна дӀаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегӀа йира оцу поппарх.
5ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга:
6«Исраилан тӀаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? — боху Везачу Эло. — Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тӀаьхье.
7Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дӀа а яьккхина, йоха а йина, хӀаллакйина хир ю аьлла, Аса дӀахьедар дахь,
8амма и къам ша лелийначу вонах дӀадерзахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац.
9Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахӀоттар а деш, орамашца иза дӀадогӀа деза аьлла, Аса дӀахьедар дахь,
10амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догӀахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац.
11Цундела дӀаала ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хӀуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“.
12Амма халкъо эр ду: „Цу хӀумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХӀора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».
13Цундела иштта боху Везачу Эло:
14
15
16
17
18ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».
19ЛадогӀахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагӀаша бохург дӀахазахьа.
20Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тӀера дӀаяккхийтархьама.
21Цундела хӀоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Ӏойла уьш. ХӀаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тӀамехь туьраца байийла.
22Тийжарш хезийла церан цӀенош чуьра, Ахьа цӀеххьана уьш болчу мостагӀий балийча, хӀунда аьлча цара суна кӀело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна.
23Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гӀерташ бу. Цара летийна къинош дӀа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгӀазвахханчохь дехьа царна таӀзар.