1Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца.
2Йоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца.
3Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду.
4Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара.
5Гунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
6Цундела, варелаш! — боху Везачу Эло, — тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю.
7Оцу меттехь Аса ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагӀийн туьре хӀаллакбойтур бу, уьш байъа гӀерташ болчеран кара Аса уьш дӀалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дӀахӀуттур ду.
8Аса йохийна дӀайоккхур ю хӀара гӀала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича.
9МостагӀийн ардангаша, нах байа а гӀерташ, го бийр бу гӀалина. ГӀалахь мацалла а хӀоьттина, нах чӀогӀа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а буур бу“.
10Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй,
11цаьрга дӀаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХӀара къам а, хӀара гӀала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дӀабухкур бу, кхечу меттехь уьш дӀабохка меттиг ца хиларна.
12И хӀума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, — боху Везачу Эло. — ХӀара гӀала Тупатах тарйина дӀахӀоттор ю Аса.
13Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а — шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош — Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».
14Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхӀу юхавирзича, иза, Делан цӀийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира:
15«Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хӀокху гӀалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогӀа а ца лиира“».