3Амма шолгӀачу дийнахь, буржалш дӀа а даьхна, Пашихьура иза дӀахийцира. Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цӀе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат [7] аьлла тиллина.
4ХӀунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагӀашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагӀчун туьро хӀаллакбийр бу, и хӀума хьан бӀаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхӀудан халкъ Бавелан паччахьан кара дӀалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дӀабуьгур бу, кхиберш хӀаллакбийр бу.
5Кху гӀалин массо а бахам церан мостагӀийн кара дӀалур бу Аса. Къахьегарца гӀалин халкъо мел гулдинарг а, гӀалин массо а еза хӀуманаш а, яхӀудхойн паччахьийн хазна а мостагӀийн кара дӀалур ю Аса. Цара и массо а хӀума хӀонс санна Бавеле дӀахьур ю.
7Веза Эла, Ахьа со Хьайна тӀеозийна, ткъа со Хьох Ӏехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.
7
8Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хӀаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.
9ТӀаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цӀарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цӀе санна, догура, сан даьӀахкашкахь дӀахьулйина цӀе санна, иза летара. Со хӀоьттинера иза сайгахь сецо гӀерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора.
10Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагӀаша боху: «Иза Ӏехо мегар ву. ТӀаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
11Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тӀемало санна ву. Цундела сан мостагӀийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Ӏалашо кхочушхир яц, уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
12Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.