Ярми-ЯхӀу 21:1-14 CHE2012 - Bible AI

1Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус и волчу Малки-ЯхӀун кӀант Пашихьур а, иштта МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а хӀара хабар эцна вахийтинчу хенахь:

2«Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хӀунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тӀом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Ӏаламат дан там бу, Набухди-Нецар [8] тхуна дуьхьал ваьллачуьра дӀа а волуьйтуш».

3ТӀаккха Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «ЦӀадукъ-ЯхӀуга иштта дӀаала:

4„Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тӀемалой гӀалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца [9] а хӀинца гӀалин пенашна арахула тӀом беш бу. Амма Аса и тӀемалой гӀалин юккъе юхаберзор бу.

5Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тӀом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, чӀогӀачу моханца а.

6Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна — адамашна а, бежанашна а. Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш.

7Цул тӀаьхьа, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гӀалара Ӏожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кӀелхьардаьлла долу халкъ а дӀалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагӀашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хӀаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“.

8Цу халкъе кхин а дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХӀинца Аса шуна дахарна тӀебоьду некъ а, Ӏожаллина тӀебоьду некъ а дӀакховдабо.

9ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хӀаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гӀалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кӀелхьардаьккхина хир ду.

10Аса сацам бина хӀокху гӀалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, — боху Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀала бавелхойн паччахьан кара дӀалур ю, ткъа цо иза цӀергахь ягор ю’“».

11ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло суна тӀедиллира иштта дӀаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогӀа!

12Даудан тӀаьхье! Везачу Эло иштта боху: хӀора дийнахь кхел е, гӀело хуьлуш верг цуьнан мостагӀчух кӀелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цӀе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгӀазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дӀаяйалур йоцучу тайпана.

13ТогӀин яхархо йолу Ярушалайм-гӀала, тӀапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, — боху Везачу Эло. — Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дӀалечкъийла цхьаммо а дӀалоцур яц“.

14Аша динчу гӀуллакхе хьаьжжина таӀзар а дийр ду шуна, — боху Везачу Эло. — Аса шун паччахьан цӀахь цӀе латор ю, цо гонах мел долу хӀума дагор ду».

>