1Везачу Эло иштта боху: «ЯхӀудхойн паччахьан цӀа а гӀой, цигахь хӀара дешнаш дӀаала:
2„Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волу яхӀудхойн паччахь, ладогӀа Везачу Элера болчу хааме — ахь а, хьан тхьамданаша а, хӀокху кевнехула дӀасалелаш долчу хьан халкъо а ладогӀа!
3Иштта боху Везачу Эло: ‘Бакъдерг а, нийсо а лелае, гӀело йинарг гӀело еш волчух ларве, тӀевеаначу стагана гӀело ма е, иза дӀа а ма тетта, бай а, бисина Ӏаш болу зударий а ларбе, бехк боцучун цӀий а ма Ӏанаде хӀокху меттехь.
4Шайга аьлларг деш шу хилахь, Дауд-паччахьан тӀаьхьенах болу паччахьаш хӀокху паччахьан цӀенойн кевнехула чуоьхур бу. Уьш шайн тхьамданашца цхьаьна, гӀудалкхашна а, говрашна а тӀе а хийшина, кхузахула чубогӀур бу.
5Амма хӀокху дешнашка аша ла ца догӀахь, Аса Сайх дуй боу, — боху Везачу Эло, — хӀара цӀа Аса дассор ма ду’“».
6ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «ГалӀад-мохк я Ливанун-лам санна хаза хьо Суна хетахь а, шен гӀаланашкахь цкъа а адам дехаш йоцу яьсса аре санна йийр ю Аса хьох.
7Аса шуна шу хӀаллакден берш бохур бу шуна дуьхьал, хӀораннан а карахь герз а долуш. Ткъа цара хьан уггар дика долу баганан дитташ, схьа а дохуш, цӀерга кхуьссур ду.
8Кхечу къаьмнех дуккха а наха, шаьш хӀокху гӀалина уллохула тӀехдуьйлучу хенахь, вовшашка хоьттур ду: „ХӀунда дина те Везачу Эло хӀокху тайпана гӀуллакх хӀокху йоккхачу гӀалина?“
9Царна жоп луш, эр ду: „Иза дина, шайн Везачу Дала бина барт дӀа а теттина, кхечу деланашна Ӏибадат а деш, царна Ӏамал а еш, уьш лелла дела“».
10
11Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах Шалумах
12Иза мисархоша ша дӀавигначу меттехь лийр а ву, цунна хӀара мохк кхин гур а бац».
13
14
15
16
17
18Цундела Везачу Эло яхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀантах ЯхӀу-Якхамах лаьцна иштта боху:
19
20
21
22
23
24«Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант ЯхӀу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пӀелгара мухӀар хилча а, Аса хьо цу тӀера схьа а ваьккхина,
25хьан са лоьхуш болчеран кара а дӀалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дӀалур ву.
26Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду.
27Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац».
28ЯхӀу-Яхин цӀе йолу хӀара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХӀунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дӀа?
29
30Иштта боху Везачу Эло: