6Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хӀунда го Суна хӀора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тӀехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хӀунда ю?
7ЭхӀ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тӀаьхьенна иза гӀайгӀане зама хир ю, амма оцу гӀайгӀанех и тӀаьхье кӀелхьаръер ю“».
8«И де тӀекхаьчна, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Аса Исраилан а, ЯхӀудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дӀадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гӀуллакх дойтур дац.
9Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу.
9
10Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кӀелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дӀадигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀат а йохур ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац,
11хӀунда аьлча Со шуьца ву, шу кӀелхьардохур ду — боху Везачу Эло. — Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таӀзар дийр ду».
19Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьӀӀера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тӀаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цӀе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.