8Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
9Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
10Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш: «Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
11Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
12Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кӀорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
13«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
14Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», — боху Везачу Эло.
18Суна билггал хезна Эпрайман халкъ [14] леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Ӏамийнера! ХӀинца со юхадерзадехьа, тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара, хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
19Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла. КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас, хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.
19
20Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», — боху Везачу Эло.
31ТӀекхочуш ду денош, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу.
32Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, — боху Везачу Эло. —
33ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, — боху Везачу Эло. — Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.