Ярми-ЯхӀу 37:1-21 CHE2012 - Bible AI

1Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра.

2Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга.

3ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле».

4Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.

5Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.

6ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре:

7«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.

8Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“.

9Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.

10Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».

11ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа,

12Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.

13Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» — аьлла.

14Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира.

15Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера.

16Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.

17Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», — аьлла.

18Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал?

19Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, — бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш?

20Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».

21ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.

>