Ярми-ЯхӀу 45:1-5 CHE2012 - Bible AI

1Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира:

2«ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала:

3„Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’.

4Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду.

5Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, — боху Везачу Эло. — Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“».