2«Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю. Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе, гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу.
3Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю. Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а, царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча гӀора дӀадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.
4Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна. Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой, КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.
5Шайн сингаттам а гойтуш, Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду, Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама?
6„Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таӀзар деш? — боху аша. — Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“.
7Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а, тӀелата омра дина Везачу Эло».