1Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху:
2
3
4
5
6
7
8
9
10(НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)
11Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.
12Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю.
13ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра.
14
15
16
17
18
19
20
21ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а,
22иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна,
23Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна,
24Кхиръют-гӀалина, Бацарна — ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна.
25Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, — боху Везачу Эло.
26Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.
27Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?
28Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила.
29Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду.
30Суна девза цуьнан дозалла дар, — боху Везачу Эло, — ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац.
31Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.
32Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира.
33Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.
34Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна.
35Ас сацор ду, — боху Везачу Эло, — муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.
36Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла.
37ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю.
38Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, — боху Везачу Эло. —
39Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».
40Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула.
41Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду.
42Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна.
43Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, — боху Везачу Эло. —
44Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, — боху Везачу Эло. —
45Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира.
46Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.
47Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.