1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хӀумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц.
13Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гӀойла», — бохуш.
14Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхӀу, Аса йогуш йолу цӀе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цӀеро уьш дӀакхоллур бу.
15Исраилан халкъ, — боху Везачу Эло, — Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тӀелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац.
16Церан Ӏад-ботт схьадиллина долу каш санна ду, ткъа уьш шаьш чӀогӀа майра нах а бу.
17Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.
18Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хӀаллакдийр дац, — боху Везачу Эло. —
19Нагахь санна хьайга хӀун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна аша гӀуллакх даре терра, хӀинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гӀуллакхаш дийр ду аша“».
20Везачу Эло элира: «ДӀакхайкхаде и хӀума Якъубан тӀаьхьене а, иштта ЯхӀудан халкъе а:
21„ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза.
22Сох кхоьруш хила ца деза те шу? — боху Везачу Эло. — Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.
23Амма хӀара халкъ чӀогӀа аьрха халкъ ду. Уьш, дӀа а бирзина, дӀабахара.
24Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“.
25Аша лелийначу зуламаша хӀара дика хӀуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дӀакъастийна.
26Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цӀаьлгаш дӀахӀиттош бу, амма церан цӀаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду.
27Олхазарш чохь долу цӀелиг санна, церан хӀусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина,
28церан догӀмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гӀуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо.
29Цу бахьанина царна таӀзар дан ца деза те Аса? — боху Везачу Эло. — Бекхам бан ца беза те Аса хӀара санна долчу халкъана?
30Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хӀума хилира:
31пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хӀума деза. Амма хӀун дийр ду те аша, чаккхе тӀекхаьчча?»